Ненан мотт — дахаран хазна!

⚡️Муьлхачу а йукъараллин декхар ду шен ненан мотт 1алашбар, кхиор, т1екхуьуш йолчу т1аьхьенашка халкъан син-хазна д1акховдор.

«Ненан мотт – иза халкъан йуьхь йу, халкъан орам бу. Шен мотт ца хилча, халкъ хуьлуш дац. ХIора нохчи, нагахь санна шен халкъ а, Даймохк а безаш велахь, шен ненан мотт Iамош а, хууш а хила веза.

Iамадейша дуьненан дерриге а меттанаш, амма цкъа шайн ненан мотт а Iамабай, оцу маттахь йаздан а, деша а Iамадай…», – Айдамиров Абузаран дешнаш.

Тахана санна мотт бийца, кхио, баржо, марзбан, ца Iебаш цуьнан мерза мутт мийла маршо цкъа а хилла йац вайн къоман, хир а йац, хуьлийла а дац. Вешан ненан маттана тIедерза оццул йоккха маршо йоллушехь, цунна пебетташ, цунах ца дешаш, «Иза-м стенна оьшура?» бохуш берш алсамбовлуш бу. Тамашийна хIума ду иза. Цунах кхета ца ло. Муха кхетар ву цунах?

Везачу АллахIа нохчий кхоьллина вай. Кхечу къаьмнех къастош хаза мотт, цуьнца иэдина хаза гIиллакхаш, эхь-бехк, оьздангалла, йахь-йуьхь йелла вайна. И дерриге а тIедузуш Дала бусалба а дина вай, Шен боккхачу къинхетамца. ТIаккха Далла хьалха а Iесалла йу олий хетало, Цо белла мотт цабийцар, гIиллакхаш дIатасар, дайн Iадаташ дицдар. Цунах кхета а кхетта, нохчийн мотт Iаморна тIедерза деза вайн дерриге а халкъ жима а, воккха а.

Беза, бийца ненан мотт!

 

Иман Хубазова