Нохчийн мотт — иза къоман са ду

Къомах къам дийриг уггар хьалха цуьнан мотт бу. Матто шена чулоцу цу къоман г1иллакхаш, 1адаташ, синъоьздангаллин мехаллаш.

Вайн дуьххьарлерчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас даима шен тидамехь латтадора къам оьздангаллица кхиор. Шен къомана весет дитина Ахьмад-Хьаьжас х1ара дешнаш: «Нохчийн къам дийна хиларан мокхазан ч1аг1о ю нохчийн мотт».

Иза бакъду! Мотт – иза къоман са ду. Мотт дийна мел бу деха халкъан эс, кхетам, амал, синмехаллаш. Шен мотт д1атесча, бицбича, доьза, лар йоцуш дов халкъ.

Вайн мотт бан ца байта, цуьнан сий лакхадаккха, иза 1амор а, кхиор а пачхьалкхан т1ег1ан т1ехь хилар ч1аг1деш, т1еэцна дара сан Нохчийн маттах долу Указ. Нохчийн меттан де халкъан дезде а хилла д1ах1оьттина. Вайна го цу дийнахь къоман духаршца кечделла синкъераме адамаш, кегийнаш а, баккхийнаш а. Халкъан ловзарш, нохчийн мотт буьйцуш, хьеший т1еоьцуш, нохчийн кхача кечбеш йолу х1усамаш. Ярташкахь ехкина нохчийн шира дахар гойтуш йолу к1отарш. Иза дерриге а вайн т1екхуьучу т1аьхьенна гойтуш долу халкъан сибаташ ду, вайн халкъан дахар ду. Вайн кегийрхошка шайн орам, бух, дайн оьзда г1иллакхаш диц ца дайта.

Нохчийн мотт 1алашбеш, кхиош доккха дакъа лоцу яздархоша а, 1илманчаша а, хьехархоша а, журналисташа а, культурин белхалоша а. Царна т1ехь доккха декхар ду кегийрхошна къоман дахар, г1иллакхаш довзуьйтуш йолу киншкаш язъяр, нехан дегнех кхета хаза иллеш, эшарш кхоллар, спектаклаш х1иттор, нохчийн маттахь теле-радиопередачаш вовшахтохар.

Тахана вайн халкъан цхьа 1алашо хила еза: т1екхуьуш йолу къона т1аьхье бусалба динехь а, нохчаллехь кхиор.

 

 

Алет Нунаева