Ахьмад-Хьаьжин Рамзан: Вайн даймохк вайн дозалла ду, вайн дай баьхна латта, вайн комаьршо – везачу дала делла совгiат ду
Эзарнаш шерашкара схьабогIуш шен болу мотт а, гIиллакхаш а, амалш а, Iадаташ а долуш дехаш долчу вайн нохчийн халкъана, кхин боккханиг ца хиллал, боккха кхаъ а, доккха хазахетар а, совгIат а ду иза. Мотт, меттан хIора дош, и дош кхоллалуш долу хIора аз, и меттан аьзнаш, дешнаш кхоллалуш долу йоза уггар а хьалха вайн къоман сий, вайн къоман гIиллакхийн, Iадатийн орам хилар тидаме а оьцуш. И рогIера доккха гIуллакх а, совгIат а вайн халкъана диначу вайн ларамечу Мехк-Дена Ахьмад-Хьаьжин Рамзанна баркалла а олуш, вайн нохчийн маттах а, вайн ненан меттан таханенах а, кханенах а лаьцна Ахьмад-Хьаьжин Рамзане диначу хаттаршна Цо делла жоьпаш довзуьйту оха шуна.
««ХIан-хIа, вайга бусалба дин ца леладайтина, вай нохчий ца хилийтина», – бохуш, дуьйцура цкъацкъа. ХIинца и «ца хилийтина» бохуш долу хIуманаш дерриг а хилла дIахIиттина. ХIинца Iедало ламаз де, маьждигаш де, Къуръан Iамаде, шайн Даймахкахь нохчий хилий даха, шайн Даймехкан дола де, сий де, нохчийн мотт бийца, пайдабоцу хIуманаш ма леладе, вайн дайн гIиллакхаш ларде… боху.
З уд а й а л о р , й а х и йтар, нускал хитIадаккхар, моттбастийтар – мел хаза гIиллакхаш ду вайн къоман. Ткъа хIинца цхьаверг дастамвала гIерташ хуьлу, берана компьютер хилчахьана, кхин дахар а дац моьттуш кхин караво. ТIаккха селхана хьан дахар муха хилла берашна ца хаьа, вай дуьйцуш, лелош а ца хилча. Ткъа ахь хьуо мичара схьаваьлла, хьайн дай муьлш хилла, уьш муха баьхна ца дуьйцу. Со кхеташ вац и тайпа нах муха хуьлу, шайн доьзалшка хIун дийца бохку уьш? ХIокху дуьненахь ваьхна а хIун до, дайша лелийнарг тIаьхьенашна довзуьйтуш ца хилча?! Хилла долчуьнца йолу зIе долуш долчуьнца йузуш вацахь, стаг эрна ваьхна ма ву… Вайн Даймохк вайн дозалла ду, вайн дай баьхна латта – вайн йахь, вайн доьналла, вайн къинхетам, вайн комаьршо, вайна Везачу Дала делла совгIат ду. Бусалбалла, Нохчалла… Кхин хIун оьшу кху дуьненахь ваха нохчичунна?! Делан къинхетам ма бу хIара берриг а.
Йуха, вайн таханлерчу машаречу, маьршачу, сирлачу вешан Нохчийчоьнна тIе бина некъ, вайн сатийсамаш, вайн Везачу Деле хIара де кху халкъана доьхуш мел дина доIанаш, кху дийне сатуьйсуш, хIара де кху дерриг а дуьненан харцонца къуьйсуш вайн мел кIентий хIаллакьхилла … Цу дерригенан а ойла йича, хIора нохчи кхин а шен нохчалла совйаьлла, кхин а вовшашца болу къинхетам совбаьлла, догдикалла кхин а лакхайаьлла хир вара. Дала мукъ лахь, оццул кхетам лакхара болуш вайн хIора нохчи волуш а ву, иза иштта хир а ду, цунах со чIогIа тешна а ву!» – билгалдаьккхира Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.
Иман Хубазова