Ахьмад-Хьаьжин Рамзан: Ас а гуттар дозалла до, далла хастам а бо со, кху дуьнен чу, бусалба а волуш, нохчи кхолларна
Эзарнаш шерашкара схьабогIуш шен болу мотт а, гIиллакхаш а, амалш а, Iадаташ а долуш дехаш долчу вайн нохчийн халкъана, кхин боккханиг ца хиллал, боккха кхаъ а, доккха хазахетар а, совгIат а ду иза. Мотт, меттан хIора дош, и дош кхоллалуш долу хIора аз, и меттан аьзнаш, дешнаш кхоллалуш долу йоза уггар а хьалха вайн къоман сий, вайн къоман гIиллакхийн, Iадатийн орам хилар тидаме а оьцуш. И рогIера доккха гIуллакх а, совгIат а вайн халкъана диначу вайн ларамечу Мехк-Дена Ахьмад-Хьаьжин Рамзанна баркалла а олуш, вайн нохчийн маттах а, вайн ненан меттан таханенах а, кханенах а лаьцна Ахьмад-Хьаьжин Рамзане диначу хаттаршна Цо делла жоьпаш довзуьйту оха шуна.
Вайн Нохчийчоь вайх хIораннан а дозалла ду, Нохчалла – дозалла ду, Даймохк – воккхавер ду… Дала цуьнан гIазот къобалдойла, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас дина ма-хиллара, ас а гуттар дозалла до, Далла хастам а бо со, кху дуьнен чу, бусалба а волуш, нохчи кхолларна, Нохчийчохь кхолларна, сайн Даймохк Нохчийчоь хиларна! И дозалла хIора нохчичун а хила деза. Вайн Нохчийчоь, вайн дай баьхна латта вайна массарна а дозалла а, Везачу Дала дина доккха совгIат а ду.
Вайн дайша вайна – шайн тIаьхьенашна – лардина латта, ларбина мохк бу хIара. Вайн лаьмнаш, вайн лаьмнийн кIотарш, йарташ… ХIокху дуьненахь а, кхузахь, вайн лаьмнашкахьчул а дика садаIар хир дац. Цхьана лома тIе дIа а хIоьттина бIаьргтоьхча, хьан дегIе богIуш болу ницкъ – доккха хIума ду.
Шайна мел хала хиллехь а, шайна мала, оьшучунна лелон хи мел генара, мел лахара лаьмнашка карахь хьала а кхоьхьуш, цIе йагон дечиг кхечанхьара а кхоьхьуш баьхна вайн дай лаьмнашкахь. И халонаш лайнехь а, цхьана а ломан цхьа ког биллал меттиг а цхьана а мостагIчунна дIа ца йелла, йохьах ца боьхна. Тахана хьайн Даймехкан да хьо а волуш, мел луу латтанаш а, даьхний а лелон йиш а йолуш, паргIат ваха йиш йу», – билгалдаьккхира Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.
Иман Хубазова