Къаьмнийн меттанийн хьехархойн Йерригроссин съезд хилира

ГIуран (декабрь) беттан 13—14 чуй деношкахь Москвахь дIайаьхьира Россин Федерацин халкъийн къаьмнийн меттанийн хьехархойн Йерригроссин дуьххьарлера съезд

 

Нохчийн Республикин цӀарах оцу съездехь дакъалоцуш йара Нохчийн Республикин Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствон Нохчийн меттан институтан директор, профессор Овхадов Муса коьртехь волу делегаци.

Иштта, делегацина йукъахь вара Нохчийн меттан институтан Ӏилманан белхахо, филологин Ӏалманийн кандидат Солтаханов ИбрахӀим а, оццу институтан Нохчийн меттан а, литературин а хьехархойн говзалла лакхайаккхаран туьшан куьйгалхо Говдаханова Ӏаламат а.
Россин Федерацин 74 регионера 280 стаг цхьаьнакхеттера съездехь. Царна йукъахь бара йукъарчу а, лакхарчу а дешаран заведенийн хьехархой а, Ӏилманан академин векалш а, къаьмнийн меттанаш а, литератураш а хьехаран методикин говзанчаш а, дешаран урхалашкара а, дешаран организацешкара а говзанчаш а.
Карарчу хенахь Россин Федерацин къаьмнийн меттанаш хьехаран коьрта ларалуш долчу декхарех лаьцна дийцира съездехь. Цуьнан оператор йара «Россин халкъийн къаьмнийн меттанийн федеральни институт».
Съездан пленарини кхеташонехь а, стратегин «Къаьмнийн меттанаш: хьал а, кхиаран билгалонаш а» сессехь а йийцаре йира Россин Федерацин пачхьалкхан дешаран а, меттан политикин а программа кхочушйаран а, ткъа иштта, карлайаьхьначу ФГОС НОО а, ФГОС ООО а, ФГОС СОО а башхаллаш а, «Къоман мотт а, литература а», «Къоман мотт а, къоман маттахь литературин йешар а» предметашкахула дешархойн кхиамаш хилийтаран Ӏалашонца хӀиттош долу тӀедакхкарш а.
Съездехь дӀайаьхьначу мастер-классашкахь хьехархоша гайтира Россин Федерацин халкъийн къаьмнийн меттанаш хьехарехь инновацин а, церан декъахь, терахьийн а технологеш а, поликультурин дешаран хьаьрмахь кхиоран процесс вовшахтохаран башхаллаш а. Нохчийн меттан а, литературин а хьехархойн говзалла лакхайаккхаран туьшан куьйгалхочо Говдаханова Ӏаламата а дӀайаьхьира «Карлайаьхначу стандарташца нохчийн меттанан а, литературин а дарсашкахь дошамца болх бар» аьлла мастер-класс. Студенташца болх муха бо а, «Дикдошам» электронни дошамах пайда эцар муха нисло гайтира цуо. Съездан дакъалацархошна чӀогӀа тайнера нохчийн хьехархочун методика. Хьехархоша жигаралла гайтира, цара дакъалецира электронни «Дикдошамца» болх бар гойтучу мастер-классехь. Съездан Ӏалашо йу Россин Федерацин халкъийн къаьмнийн меттанийн хьехархойн ницкъаш цхьаьнатохар а, «Къоман мотт а, литература а», «Къоман мотт а, къоман маттахь литературин йешар а» предметийн сий филологин дешаран хьаьрмахь лакхадаккхар а, Россин йукъараллин Россин Федерацин халкъийн къаьмнийн меттанаш а, къаьмнийн литератураш а, культураш а хьехарехь йолчу проблемашна тидам тӀебахийтар а.
Къаьмнийн меттанаш а, литератураш а хьехар кхин а дика хилйийтархьама дича дика хир долчух лаьцна а дийцира съездехь. Россин Федерацин кегийчу халкъийн меттигера меттанаш Ӏаморан школийн Ассоциаци кхолла йезаш хиларх лаьцна а элира.

 

 

З.льдерханова

№7 (3500)